Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо цаьрга элира: «ХІара ду шуна аша воьхуш волчу паччахьо ден дерг: шун кІентий дІа а бигина, цо уьш шена гІуллакх дан дІахІиттор бу шуна. Цо уьш шен гІудалкхашна тІехь эскаран гІуллакх дан дІахІиттор бу, царах дошлой а бийр бу. Ткъа цхьаберш цуьнан гІудалкхана хьалха уьдуш лелар бу. Цхьаболчарах цо цхьа эзар эскархочунна тІехь куьйгалхой бийр бу, вукхарах – шовзткъе итт эскархочунна тІехь. Паччахьо цхьаберш шена ялта кхио дІахІиттор бу, вуьш эскархойн гІирс кечбеш, гІудалкхийн цхьацца меженаш кечъеш хир бу. Паччахьо шун зудабераш дІадуьгур ду, шена хаза хьожа йогІу хьакхарш деш, яа хІума кечъеш, бепиг доттуш гІуллакх дайта. Паччахьо шун тоьлла долу кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, шуьгара дІа а яьхна, шен гонах болчарна дІайоькъур ю. УьтталгІа дакъа дІадийначу лаьтта тІера а, кемсийн бешара а аша схьаэцначух цо шуьгара дІа а даьккхина, шена уллорачарна а, кхин болчу ялхошна а дІалур ду. Шун зударех а, божарех а болу леш а, уггар тоьлушха болу кегий нах а, варраш а – дерриге а паччахьо дІадуьгур ду шена гІуллакх дайта. Кегийрачу бежанех уьтталгІа дакъа, дІа а даьккхина, дІадуьгур ду. Ткъа шух цо шен леш дийр ду. Цу хенахь аша, шаьш хаьржина волчу паччахьан куьйга кІелара дІадаха бохуш, Деле орца дохур ду, амма Везачу Эло шун доІанна жоп лур дац». Берриг а Исраил-махкана тІехь Сулим-паччахьо дІахІоттийна шийтта мехкада вара. Цара сурсаташ дІакхачадора паччахьна а, цуьнан цІенна а. Царах хІораммо а шеран цхьана баттана догІу сурсаташ латто дезара. Сулим-паччахьна а, паччахьан цІентІехь цунна гІуллакх деш болчарна а, хІора дийнахь юучунна оьшуш йолу хІума иштта яра: бІе шовзткъе итт гали кІен дама а, кхо бІе гали кхин тайпана долу дама а, Сулим-паччахьо шен лешка Везачу Элан цІа а, керт а дІахІоттаяйтира, шена паччахьан цІа а дайтира. Милло цІе йолу терхийн басенаш а яйтира, Ярушалаймана гонах пенаш а дІахІиттийра. Иштта Хьацор а, МагІидда а, ГІазар а цІераш йолу гІаланаш а дІахІиттийра цо.
Выбор основного перевода