Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кІантана». Амма цхьа дакъа Сулиман карахь дуьтур ду Ас, Сайн лай волчу Даудан дуьхьа а, Исраил-мехкан юкъара Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а. Сулим-паччахьан кІанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цІе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалахь Сайна хьалха цуьнан тІаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. Шена иза дІахезча, НабатІан кІант ЯрбаІам Мисар-махкахь висира. Цигахь иза Сулим-паччахьах ведда ваххарх Іаш вара. Амма цара, ЯрбаІамна тІе нах а бахийтина, цуьнга юхаверзар дийхира. ТІаккха ЯрбаІам а, массо исраилхой а РахьбуІам волчу дІабахча, халкъо цуьнга элира:
Выбор основного перевода