Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
РахьбуІам Шехем-гІала дІавахара, хІунда аьлча берриге а исраилхой цига дІабаханера, иза паччахь дІахІотторхьама. Сулим-паччахьах ведда ваххарх Мисар-махкахь Іаш волу НабатІан кІант ЯрбаІам, иза дІахезча, цигара цІа вирзира. Цара, ЯрбаІамна тІе нах а бахийтина, цуьнга шен махка юхаверзар дийхира. ТІаккха ЯрбаІам а, дерриге а Исраилан халкъ а РахьбуІам волчу дІадахча, халкъо цуьнга элира: «Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гІуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хІинца дайдехьа. ТІаккха оха хьуна хьалхара гІуллакх дийр дара». РахьбуІама цаьрга элира: «Кхо де дІадаьлча, юхадуьйла суна тІе». Халкъ дІадахара. РахьбуІам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимана хьехамчаша санна гІуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуІама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хІун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла. Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь санна хьо кху халкъаца дика а хилла, ахь царна там бахь, цу халкъаца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу». Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуІама дІатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гІуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хІун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“» РахьбуІамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча тІедиллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цІазапІелг сан ден гІодаюкъал а стомма бу. Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таІзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таІзар дийр ду шуна“». Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаІам а, дерриг халкъ а кхозлагІчу дийнахь РахьбуІамна тІедеара. Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дІа а теттина, кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуІама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таІзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таІзар дийр ду шуна». Иштта паччахьо ла ца дуьйгІира халкъо шега бохучуьнга, хІунда аьлча иза Дала нисдинера, Ша НабатІан кІанте ЯрбаІаме шилунхо волчу АхьъяхІугахула аьлларг кхочушхилийтархьама. Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца догІар шайна гича, паччахье элира: «Вай Даудан цІийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кІентан цІийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цІа дерза шу, исраилхой. Даудан кІанта ша дойла шен цІентІехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цІа дІасабахара. Ткъа РахьбуІама ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь Іаш болчу исраилхошна тІехь паччахьалла дира. Цо белхалошна тІехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тІе, амма исраилхоша иза, тІе тІулгаш а кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуІам сихха гІудалкха чу хиира, Ярушалайме дІавадархьама. Иштта тахханалц а Даудан цІенна дуьхьалбевлла Іаш бу исраилхой. Исраилхойн массо тайпанаш а, къаной а, хьаькамаш а, кхелахой а, тІехьовсурш а Шехем-гІалахь гулбира ЮшаІа. Уьш берриш а Далла хьалха хІиттира.
Выбор основного перевода