Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сулиман кІант волчу яхІудхойн паччахье а, ЯхІуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а Іаш болчу массо исраилхошка а дІаала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тІом бан ма гІолаш. ХІорра а шен-шен цІа юхаверза, хІунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“» Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгІна, ЯрбаІамца тІом бан баханчуьра уьш юхабирзира. Цул тІаьхьа АхьъяхІус ЯрбаІаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХІунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дІалур ду Ас.
Выбор основного перевода