Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан дений, нанний ца хаьара, и хІума Везачу Элера дуйла: Иза пІелаштамхошна бекхам бан меттиг йоккхуш вара. Цу хенахь пІелаштамхой Исраилан махкахь олалла деш бара. ТІаккха Везачу Эло элира Сулим-паччахье: «Хьо иштта леларна а, ахьа Соьца бина барт лар ца барна а, Аса хьайна бина хьехамаш ахь кхочуш ца барна а, Аса хьоьгара пачхьалкх билггала схьайоккхур ю, иза хьан уллорачарах цхьаннан кара а луш. Цул тІаьхьа АхьъяхІус ЯрбаІаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХІунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дІалур ду Ас. „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тІом бан ма гІолаш. ХІорра а шен-шен цІа юхаверза, хІунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгІна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира. Иштта паччахьо ла ца дуьйгІира халкъо шега бохучуьнга, хІунда аьлча иза Дала нисдинера, Ша НабатІан кІанте ЯрбаІаме шилунхо волчу АхьъяхІугахула аьлларг кхочушхилийтархьама. Йорам волчу вар Ахьаз-ЯхІуна Делера болчу бохамца дирзира. Ша схьавеача, иза Йорамаца цхьаьна Везачу Эло Ахьабан цІа хІаллакдан къобалвинчу Нимшайн кІантана ЯхІуна дуьхьалвелира. Амма Амци-ЯхІус шега бохучуьнга ла ца дуьйгІира, хІунда аьлча иза Дала динера, уьш эдомхойн деланашкахьа бирзина дела, ЯхІуашан кара дІабалархьама.
Выбор основного перевода