Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгІин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТІаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!» Аса тІедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгІин сурт а дина, цунна, сагІанаш а даьхна, Іибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!“» Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгІаз а вохуьйтуш, лалийначу хІуманах цІуш а бина, хьайна кхин деланаш дІахІиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дІатеттина ахь. Амма НабатІан кІанта ЯрбаІама Исраилан халкъе летадайтинчу къинойх дІа ца вирзира ЯхІу – Бетал-гІалахь а, Дан-гІалахь а деших дина долчу эсашна наха Іибадат дарна тІера. Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дІатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дІахІоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Іибадат а дора, БаІал-харцдалла Іамал а йора. Шамранан бахархой, шун эса-цІу витина Аса! Сан оьгІазло царна дуьхьал карзахъяьлла. Уьш мел латта бохку те, цІушна Іамалъярх цІанбелла боцуш? И цІу а – Исраилан халкъо дина хІума ду. Иза суьрташ дечо ма вина, цундела иза Дела ма вац. Шамранан цІу долу эса дохор ма ду!»
Выбор основного перевода