Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулим-паччахьо гІудалкхаш а, дой а гулдира. Иштта цуьнан цхьа эзар йиъ бІе гІудалкх а яра, шийтта эзар дин а бара. Цо уьш гІудалкхаш дІахІоттош йолчу гІаланашкахь а, ша волчохь Ярушалаймехь а дІатарйира. Детин а, дешин а барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисбина, дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик цІе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура. Мисар-махкара ялочу гІудалкхан мах ялх бІе дато шекхал бара, ткъа цигара балочу динан мах цхьа бІе шовзткъе итт дато шекхал бара. Иштта уьш ерриш а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша. Йиъ эзар гІудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. Кхин а Сулим-паччахьан долахь йолу, тІаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латто гІаланаш а, говраш южу гІудалкхаш латтош йолу гІаланаш а, дошлойн говраш чохь латто гІишлош а, ерриг Ярушалайм-гІалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тІехь шена ян лиъна йолу массо а хІума йина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Йиъ эзар гІудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Іаш волчу Ярушалаймехь а, гІудалкхаш дІахІитточу гІаланашкахь а дІатарйинера уьш.
Выбор основного перевода