Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулим-паччахьна хІора шарахь цхьа эзар кхо бІе ткъе шийтта пунт деши дахьара. Цул сов йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а цунна деши дала дезара. Иштта берриг а Іаьрби-махкарчу паччахьаша а, цуьнан шен мехкадайша а деши а, дети а дахьара Сулим-паччахьна. ТІаккха туьйсинчу деших дина ши бІе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХІора турсана ялх бІе шекхал туьйсина деши дахнера. Иштта кхин а кхо бІе кегий турсаш дайтира цо, хІора турсана кхо бІе шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цІенош чу дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Пийлан кІомсарех доккха паччахьан гІант дайтира паччахьо, цунна тІе а цІена деши диллира. Оцу гІантана тІеваха йиллина ялх тІегІа яра. ГІантаца хоьттина йина дашо когийн кІело яра. ГІантан шина а агІор куьйган голахІотторгаш яра, царна хІоранна а уллохь дина лоьман суьрташ дара. Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тІегІанна шинна а агІор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гІант хІетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара. Сулим-паччахьан хьеший тІеоьцуш лелош йолу пхьегІаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолчу цІенош чохь лаьтташ йолу кхийолу хІуманаш а ерриг а цІеначу деших йина яра. Детих йина хІумма а яцара, хІунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чІогІа лахара бара. Кхечу мехкашца йохкаэцаран гІуллакхна вовшахтоьхна хІордана тІехула лелаш хинкеманаш дара Сулим-паччахьан. Хьирам-паччахьан хІордахоша леладора и кеманаш. ХІора кхаа шарахь цкъа хІордкеманаш, деши, дети, пийлан кІомсарш, маймалш, тІаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура. Дуьненна чуьра массо а паччахьийн чул а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. Дуьненна чуьра массо а паччахьашна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. ХІора шарахь дукха адам догІура, Сулим гархьама. Шаьш догІуш царах хІораммо а совгІаташ дахьара: детих, деших йина хІуманаш, тІеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогІу хІуманаш, говраш, бІарзанаш. Йиъ эзар гІудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Іаш волчу Ярушалаймехь а, гІудалкхаш дІахІитточу гІаланашкахь а дІатарйинера уьш. Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. Детин барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Мисар-махкара а, кхечу массо а мехкашкара а дой даладора Сулимана.
Выбор основного перевода