Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а ерриге а еза хІуманаш дІаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хІума а дІадаьхьнера. Церан метта РахьбуІам-паччахьо цІестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цІийнан ков лардечу гІаролхойн хьаькамийн караделира. Паччахь хІоразза а Везачу Элан цІа чу волуш, гІаролхоша и турсаш схьаоьцура. Цул тІаьхьа гІаролхойн цІа чу шен метте охьадохкура цара уьш.
Выбор основного перевода