Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шеба-махкарчу зуда-паччахьна а хезира Сулим-паччахьан цІе яхар. Иза Сулим волчу Ярушалайме еара, халчу хаттаршца и зерхьама. И зуда-паччахь еара, шеца йоккха эмкалийн ковра а ялош. Цу эмкалшна тІехь доьттина деана хаза хьожа йогІучу бецех даьккхина хьакхарш а, дукха деши а, деза тІулгаш а дара. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, цуьнга жоп ца далалуш. Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулиман хьекъалалла а, цо дина паччахьан цІа а. Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Іаш йолу хІусамаш а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, чагІардуттургаш а, церан духар а, Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагІанаш а. И дерриг а шена гича, иза чІогІа инзаръяьллера. Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гІуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. Амма цара дийцинчух со тешар яцара, со ян а еана, сайн бІаьргашна иза галлалц. ХІаъ, хьан хьекъалаллин ах дакъа а соьга дийцина ца хилла. Хьан хьекъалалла суна хезначул дуккха а сов ду. Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш! Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хІора денна хьуна гІуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гІанта тІе, Шен цІарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чІагІдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хІоттийна, цу халкъана тІехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а». Сулим-паччахьна ши бІе шовзткъа пунт деши а, хаза хьожа йогІучу бецийн дуккха а хьакхарш а, деза тІулгаш а делира цо. Шеба-мехкан паччахьо Сулим-паччахьна елла йолу хаза хьожа йогІу хІуманаш саннарш цул хьалха цкъа а ца хиллера. Апар-махкара деши деанчу Хьираман а, Сулиман а ялхоша цІен дечиг а, деза тІулгаш а деанера. Оцу цІечу дечигах Везачу Элан цІенна а, паччахьан цІенна а тІейоьду тІегІанаш йира. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ЯхІуд-махкахь хІетталц цкъа а деана а, я гина дацара и санна долу дечиг. Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкарчу зуда-паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а. Цо еанчул дуккха а сов елира цунна Сулим-паччахьо. Цул тІаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира. Шамшона цаьрга элира: «Аса хІетал-метал лур ду шуна. Той дІахьочу ворхІ дийнахь шуна иза хаахь, аса гатанан ткъе итт духар а, хуьйцуш юха ткъе итт тІехулара бедар а лур ю шуна. Таршашан а, хІордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хІума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгІаташ дахьар ду. Паччахь дукха вехийла! Шеба-махкара деши цунна лойла. Массо а хенахь цунна тІера доІанаш дойла. Дийнахь сарралц иза декъал а войла. Эмкалийн ковранаша дІалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Іейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогІу хьакхарш а дахьаш, йогІур ю. Везачу Элан сийлахь гІуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха. Цу тІаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахье ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву».
Выбор основного перевода