ХІордах лаьцна дерг хууш болу кемалелорхой бара Хьирам-паччахьан. Уьш Сулим-паччахьан нахаца оцу хІордкеманашна тІехь гІуллакх дан хьажийра Хьирам-паччахьо.
Оцу наха, Апар цІе йолчу махка а бахана, цигара бархІ бІе шовзткъа пунт деши а деана, иза Сулим-паччахье дІаделира.