Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулим-паччахьо хІордкеманаш а дайтира Эдом-махкарчу Эрзийн хІордан йистехь Эйлат цІе йолчу гІалина уллора Іецйон-ГІебар олучу меттехь. ХІордах лаьцна дерг хууш болу кемалелорхой бара Хьирам-паччахьан. Уьш Сулим-паччахьан нахаца оцу хІордкеманашна тІехь гІуллакх дан хьажийра Хьирам-паччахьо. Оцу наха, Апар цІе йолчу махка а бахана, цигара бархІ бІе шовзткъа пунт деши а деана, иза Сулим-паччахье дІаделира. ЯхІушаптис хІордкеманаш дайтира, Апар-махкара деши схьадархьама. Амма уьш цига дІа ца кхечира. Новкъахь Іецйон-ГІебаре дІакхочуш хІордкеманаш, доха а доьхна, хІаллакьхилира. Таршаш-махка дахийта хІордкеманаш дархьама, Ахьаз-ЯхІуца барт бира ЯхІушаптис. Цара Іецйон-ГІебарехь хІордкеманаш дира. Таршашан дерриге а хІордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а. ХІара бу Цора-гІаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богІу кемалелорхой, Цора-гІала йохийна йолу дела. Цуьнан цІенош а, хІордкеманаш тІедогІийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. Таршаш-махка дІакхалха! ХІордан йистехь бехаш берш, белха!
Выбор основного перевода