Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Оццу дийнахь Везачу Элан цІийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира, цигахь дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш дохура, бертан сагІанан дийнатийн мохь а ягайора. ХІунда аьлча Везачу Элан цІенна хьалхахь лаьтташ болчу сагІа доккхучу йоьзачу кхерчана тІе дерриг а и сагІанаш ца тарлора. ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. Цул тІаьхьарчу дийнахь Сулим-паччахьо халкъ дІасахийцира. ТІаккха, паччахь декъал а веш, шайн хІусамашка юхадоьрзура адам. Халкъ самукъадаьлла дара, Везачу Эло шен лай волчу Дауд-паччахьна а, Шен Исраилан халкъана а дина дика хазахетта.
Выбор основного перевода