Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доІа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хІоттийна долу Сан цІа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цІе язъяйтархьама. Ас иза Іалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду. Ткъа хІинца Ярушалайм-гІала схьахаьржина Аса, Сайн цІе язъян лерина цІа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта“. ТІаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хІоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доІа хезира. ХІинца Аса Сайна къастайо хІара меттиг, хІокхунах сагІа доккху цІа хилийтархьама.
Выбор основного перевода