Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цІастанан жимачу негІаршца а, кхечу гІирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цІа мархах дуьзира. И марха бахьана долуш, динан дай шаьш гІуллакх дечохь латта а ца лора, Делан цІа Везачу Элан сийлаллин нуьрах дузарна. Везачу Элан олаллин нур Синай-лам тІе охьадоьссира. Ялх дийнахь лам тІехь марха лаьттира, ворхІалгІачу дийнахь Веза Эла Мусага кхайкхира мархи юкъара. Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. Везачу Элера схьайолучу цІеро кхерча тІера дийнаташ дагоран сагІина дийна бежана а, мохь а дІакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара. Лаьтта гора а хІоьттина, куьйгаш стигала хьала а кховдийна, Везачу Эле доІа деш вара Сулим-паччахь. Шен доІа чекх а даьккхина, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана уллора дІа а хилла, ТІаккха шу шайн Деле кхайкха. Ткъа со Везачу Эле кхойкхур ву. ЦІе латаярца доІанна жоп Делларг билггал волу Дела хир ву». Дерриг а халкъо, жоп а луш, элира: «Ахь бохург дика ду!» ТІаккха Везачу Эло цІе охьахьажийра. Оцу цІеро сагІина еана хІума а, дечиг а, тІулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо. Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. ТІаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагІа доккхучу меттигна тІе стигалара цІе а йоссош.
Выбор основного перевода