Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха, доьху Хьоьга, стигалшкахь церан доІанаш дІа а хазий, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, Ахьа Хьайн халкъана тІаьхьалонна деллачу хІокху Хьайн лаьтта тІе догІа даийтахьа. доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалахь, церан доІа дІа а хазий, царна геч а дехьа, гІо а дехьа. ХІора стагана а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, цунна доггІург дІалохьа, хІунда аьлча Хьуна цхьанна девза адамийн дегнаш. Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доІанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагІийн махкахь, уьш шайн цІеначу даггара Хьуна тІе а бирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гІалехьа а, Хьан цІе язъян ас дІахІотийначу Хьан цІенна а тІе а бирзина, цара доІанаш дахь, ас доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь, церан доІанаш дІа а хазий, бакъбехьа уьш. Хьан халкъо Хьуна хьалха летийначу къиношна гечдехьа. Къа леторна уьш къера хилар Шена гича, Везачу Элан хІара дош кхечира ШамІа-ЯхІуга: «Шаьш къинош летадарна уьш къера хиларна, хІаллакбийр бац Аса уьш, кестта кІелхьар а бохур бу. Шушакхехула кхочушйийр яц Аса Ярушалаймана Сайн йолу оьгІазалла.
Выбор основного перевода