Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Нагахь санна цхьа къовсаме долу гІуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, – и гІуллакх цІий Іанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, – шун гІаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гІовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дІагІо. Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тІе а гІой, цаьрга хатта, тІаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. тІаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гІуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дІахІуттийла. Цаьрца цхьаьна хІара левихой бахийтира цо: ШамІа-ЯхІу, Натан-ЯхІу, Забди-ЯхІу, ІасахІал, Шамирамути, ЯхІуната, Адан-ЯхІу, ТІуби-ЯхІу, ТІуба-Адан-ЯхІу. Иштта динан дай болу Эли-ШамаІ а, Йорам а вахийтира ЯхІушаптис цаьрца. Везачу Элан товрат-хьехамаш тІехь болу тептар карахь а долуш, хьоьхура цара ЯхІуд-махкахь. ЯхІуд-махкарчу ерриге а гІаланашкахула чекх а буьйлуш, халкъана хьехарш дора цара. Ткъа ахь, Іезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дІахІиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тІехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Іамабе уьш.
Выбор основного перевода