Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Левин кІентий хІорш бара: ГІиршан, КхахІат, Мерари. Иштта, шен кІанте Сулиме Дауд-паччахьо кхин а элира: «Нуьцкъала а, доьналла долуш а хилий, дІадоладе и гІуллакх. Хьо кхера а ма ло, цец а ма вала, хІунда аьлча сан Веза Дела хьоьца ву. Иза юхавер вац хьох, Цо вуьтур вац хьо, Везачу Элан цІа дІахІоттош ахь дан деза гІуллакхаш дерриге дина чекхдовллалц. Ярушалаймехь а левихойх а, динан дайх а, исраилхойн доьзалийн баьччанех а болу цхьаболу нах Везачу Элан йолчу кхеле а, гІалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гІуллакхашка дІахІиттийра ЯхІушаптис. «Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Нагахь санна Сан некъашца хьо лелар велахь, нагахь санна Сан парзаш ахь лардахь, Сан цІенна тІехь куьйгалла деш а хир ву хьо, Сан керташна тІехьожуш а хир ву. Ас хьуна бакъо лур ю Со волчу ван, кхузахь лаьтташ берш Со волчу ма-бахккара.
Выбор основного перевода