Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Дерриг а Исраилан халкъо белхар хІоттор ду, тІаккха иза дІавуллур ву. ЯрбаІаман доьзалх иза цхьаъ бен дІавоьллина хир вац, хІунда аьлча ЯрбаІаман цІийнах болчарна юкъахь бен цхьа а диканиг ца карийна Исраилан халкъан Везачу Далла. РахьбуІам къера хиларна, Везачу Элан оьгІазло цунна тІера дІа а елира, Дала иза кхоччуш дакъаза а ца ваьккхира. Ткъа ЯхІуд-махкахь дика гІуллакхаш хуьлура. Шен дог Веза Эла лахарна тІе ца дерзийна дела, зуламе дерг дора РахьбуІама. Везачу Элан некъахула лела даггара тІевирзина вара ЯхІушапти. ЯхІуд-махкара сагІа доккху гунаш а, Ашера-далла лерина болу дечиган бІогІамаш а дІадехира цо. Иза иштта хилира, хІунда аьлча цо шен дог Везачу Элан товрат-хьехамаш Іаморна а, уьш кхочушбарна а, иштта Исраилан халкъана цуьнан парзаш а, тІедехкинарш а хьехарна а тІедерзийнера.
Выбор основного перевода