Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Исраилхойн паччахьо, виъ бІе хиллал пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалІадерачу Рамат-гІала тІамца ваха везий те со, я ваха ца веза те?» Цара жоп делира: «Ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза». ТІаккха ЯхІушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай». Исраилхойн паччахьо ЯхІушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хІунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кІант Мика-ЯхІу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхІушаптис.
Выбор основного перевода