Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
КхоалгІачу шарахь яхІудхойн паччахь ЯхІушапти исраилхойн паччахьна тІевахара. Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалІад-махкахь йолу Рамат-гІала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Іаш ду». Ахьаба ЯхІушаптига элира: «Хьо вогІур варий соьца ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелата?» ЯхІушаптис исраилхойн паччахье Ахьабе жоп делира: «Дера вогІур ву! Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду, сан дой а хьан дой ма ду». ЯхІушаптис кхидІа исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хІун боху хаттийтахьа». Исраилхойн паччахьо, виъ бІе хиллал пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалІадерачу Рамат-гІала тІамца ваха везий те со, я ваха ца веза те?» Цара жоп делира: «Ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза». ТІаккха ЯхІушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай». Исраилхойн паччахьо ЯхІушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хІунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кІант Мика-ЯхІу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхІушаптис. ТІаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кІант Мика-ЯхІу схьавалош вола». Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти а, шаьшшинна тІе паччахьан духарш а дуьйхина, хІорра а шен паччахьан гІанта тІе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гІалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дІахІиттина. КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, шена тІе аьчка маІаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хІаллакбина охьабахккалц хІара маІаш Іуьттур ю ахьа царна“». Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза». Мика-ЯхІуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хІораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа». Мика-ЯхІус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо аса, сайга Везачу Эло боххург айса дІаэриг хилар». Пайхамар паччахьна тІевеара. Паччахьо Мика-ЯхІу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхІу! Ваха везий те со тІамца ГалІадерачу Рамат-гІала я ца веза?» Мика-ЯхІу-пайхамаро паччахье элира: «ДІагІо хьо. Кхиам хир бу хьан. Везачу Эло хьан кара схьалур ю хьуна иза». ТІаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чІагІо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хІумма а ма алахьара аьлла?» ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хІоьтти, массо а исраилхой, шайна тІехь Іу воцу уьстагІий санна, лаьмнашкахула дІасабаьржина. ТІаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тІехь хьаькам, уьш хІорра а шен цІа маьрша вухавоьрзийла“». Исраилхойн паччахьо ЯхІушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!» ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна Іаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. Везачу Эло элира: „Шух хьан тІеерзор яра Ахьабан ойла, иза тІамца ГалІадерачу Рамат-гІала а вахана, цигахь хІаллакьхилийтархьама?“ Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура. ТІаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дІа а хІоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гІой, иштта де ахьа“. Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тІе бохам баийта сацам ма бира!» ТІаккха КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, Мика-ЯхІу-пайхамаран бесни тІе тІара а тоьхна, элира: «И бохург хІун ду? Везачу Элан Са хьоьгахула хаам бархьама, сох дІакъаьстина ткъа?» Мика-ЯхІус элира: «Хьажал, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна». Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхІу-пайхамар схьа а лаций, гІалин хьаькамна Аминна тІе а, паччахьан кІантана Юашина тІе а вига. Аша цаьрга дІаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХІара стаг набахти чу волла. Со маьрша цІа верззалц, кІеззиг бепиг а, хи а бен, хІумма а ма ло цунна’“». Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Дерриг а халкъо ладогІа аса аьллачуьнга!» Исраилхойн паччахь а, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти а ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелетира. Ахьаб-паччахьо ЯхІушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву къайладаккхархьама, сайна тІера духар а хийцина, тІом дІаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тІедуха». Иштта, ша мила ву къайладаккхархьама, шена тІе хийцина хІума а юьйхина, тІом дІаболийра исраилхойн паччахьо. Арамхойн паччахьо шен ткъе шийтта тІеман гІудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тІом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. ЯхІушапти шайна гича, гІудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхой цунна тІебуьйлабелира, тІелата дагахь. ЯхІушаптис мохь хьаькхча, иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гІудалкхийн хьаькамаш цунна тІаьхьабевллачуьра севцира. Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тІехь долчу гІаьгІнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гІудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тІом бечу меттера дІаваккха со – суна чов йина». Амма цу дийнахь тІом чІагІбелира, ткъа Ахьаб-паччахь арамхошна дуьхьал лаьттачу шен гІудалкха чохь лоттуьйтура. Паччахьан цІий гІудалкхан буха охьаоьхура, ткъа суьйранна иза велира.
Выбор основного перевода