Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю, Цуьнан карахь ву Іехориг а, Іехийнарг а. Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хІуманна тІехь. Вехна стаг шен Іеттораш тІехула ма-леллара, лелаш бу мисархой. Нагахь санна Сан цІарах харц хаам бан цхьа пайхамар Іехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Іехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса. Цундела Дала чІогІа Іехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш.
Выбор основного перевода