Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
халкъ дІадуьгун волу а, тІом бечу хенахь нахана тІехь урхалла ден волу а, Везачу Элан халкъ Іу воцу жа санна ца дисийтархьама». ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хІоьтти, массо а исраилхой, шайна тІехь Іу воцу уьстагІий санна, лаьмнашкахула дІасабаьржина. ТІаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тІехь хьаькам, уьш хІорра а шен цІа маьрша вухавоьрзийла“». Шайна тІехь Іу воцу дела, и уьстагІий дІасадаьржира, цул тІаьхьа уьш хІора экханан ижу хилла дІахІоьттира. Сан уьстагІий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тІехула уьш дІасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гІерта“. Цундела, Іуй, ладогІа Везачу Элан даше: „Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, и Сан уьстагІий акхаройн ижу хилийта Іуналла ца деш аша дитарна а, уьш, тІехь Іу а воцуш, хІора аренгарчу экханан даар хилла дІахІиттарна а, ткъа Сан Іуша уьш схьа ца лахарна а, цара уьш, дажоран метта, шаьш дежаш леларна а, Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чІогІа гІайгІане а, дуьненах дог диллина, Іу воцу бажа санна, лелаш бара.
Выбор основного перевода