Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Амма аша царна хІара делаш: церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дІахедаделаш, церан цІуш багабелаш. Аса-паччахьо, ша схьаваьллачу Дауда санна, Везачу Элана нийса хеташ долу гІуллакхаш дора. Оцу махкара цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий дІа а лелхийна, шен дайша вина массо а цІу дІаваьккхира цо. Исраил-махкахь сагІа доккху гунаш цо дІа ца даьхнехь а, ша дийна мел волчу хенахь Везачу Элана доггах тешаме вара Аса.
Выбор основного перевода