Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Исраилхошна эскарца шайна тІевогІу пирІун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш. ЯхІунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, оцу дин доцучу сунтбаза болчеран эскар долчу дехьа вер ву вайшиъ. Везачу Эло гІо дан мега вайна, хІунда аьлча Цунна хала дац вайна гІо дан, вай мел делахь а». Дауда пІелаштамхочуьнга элира: «Хьо суна дуьхьал тур а, гоьмукъ а, горга тур а карахь вогІуш ву, ткъа со ахьа сийсаздохуш долчу Исраилан халкъан массо а эскарийн Дела волчу, массо а ницкъийн Везачу Элан цІарах араваьлла. ЯхІудхой юхахьаьжира – царна хьалха а, тІехьа а дІабоьдуш тІом бара. Уьш Везачу Эле кхайкхира, ткъа динан дайша турбанаш лекхира. Иштта цу дийнахь исраилхой сийсазбинера, ткъа яхІудхошка толам баккхийтинера, уьш шайн дайн Дела волчу Везачу Элах тешна лелаш хилла болу дела. Тхан Дела! Ахьа кхел ехьа царна. ХІунда аьлча тхуна тІегІоьртинчу оццул дукха болчу царна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан. Тхаьш хІун дан деза ца хаьа тхуна, амма тхан бІаьргаш Хьоьгахьа бирзина бу!» Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кІелхьарбохура. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гІорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тІаьхьабовларна а, цатемашна а, хІунда аьлча со гІорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.
Выбор основного перевода