Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тІеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тІелаца цунна ца лаахь, ас тІелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо! ХІинца дІайижа сахиллалц». ТІаккха жоп луш, Дауд-паччахьо элира: «Сан массо а халчу баланех со кІелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, КхоалгІачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТІера бедарш а этІийна, коьрта тІе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо. ТІаккха Дауда юха а цуьнга хаьттира: «ХІун хилла цигахь? Схьадийца соьга». Цу стага жоп делира: «ТІом баьллачуьра дукха адам дедда дІадахана. Царах дукхахберш, байина, хІаллакьхилла. Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а вийна». ТІаккха иза шена дийцина волчу жимачу стаге Дауда хаьттира: «Хьуна стенах хаьа, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а веллийла?» Жимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаІ олучу лам тІехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тІе таьІна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гІудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тІекхаьчна богІуш бара. Иза юхахьаьжча, цунна со гира. Иза соьга кхайкхира. Аса жоп делира: „Со ладугІуш ву“, – аьлла. Цо соьга хаьттира: „Хьо мила ву?“ Аса жоп делира: „Со Іамалекхахо ву“. ТІаккха цо соьга элира: „ТІе а волий, со, вей, дІаваккха! Со валлал чІогІа Іазапехь ву, суна чохь са делахь а“. ТІаккха, тІе а вахана, аса иза вийра, хІунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тІаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тІера хІоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла». Цул тІаьхьа, цхьа жима стаг тІе а кхайкхина, цуьнга Дауда элира: «ТІе а волий, иза ве». Цо иза вийра.
Выбор основного перевода