Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд а, цуьнца схьабаьхкинарш а Іуьйранна пІелаштамхойн махка юхабирзира. Ткъа пІелаштамхой ИзраІал цІе йолчу гІала дІабахара. ПІелаштамхой исраилхошца тІом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаІ олучу лам тІехь дукха хІаллакьхилира. Шаулна а, цуьнан кІенташна а тІаьхьа а бевлла, пІелаштамхоша цуьнан кІентий ЯхІуната а, Абинадаб а, МалкишаІ а байира. Шаулна гонах болу тІом чІагІбелира. Къаьсттина чІогІа кхарна ницкъ бора секхаІад кхоссархоша. Шаул къиза чевнаш хилла вара. Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дІаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тІе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира и дехар кхочушдан. ТІаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тІе а вогІавелла, шех иза чекхдаьккхира. Паччахьо элира: «Шаулан цІийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гІуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чІагІо ма-ярра». Цубас паччахье элира: «ЯхІунатин кІант ву, когашна астагІа а волуш». Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаІийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!» Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай». ЯхІунатин кІант вара Мариб-БаІал. Ткъа Мариб-БаІалан кІант вара Мика.
Выбор основного перевода