Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Шаулан эскаран хьаькам волчу Неран кІанта Абунара, Шаулан кІант Иш-Бошат схьа а эцна, иза Махьанайме схьавалийра. Ткъа кевнера кІа цІандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаІний Иш-Бошатан цІа чу велира. Цуьнан гайх тур а Іоьттина, уьш бевдда дІабахара. Амма важа цунна тІаьхьара ца волура. ТІаккха Абунара, юха а вирзина, цунна хьажийна, шен гоьмукъ Іоьттира, иза, цуьнан гайх чекх а баьлла, букъах арабелира. ІасахІал цигахь, охьа а воьжна, велира. Иза веллачу меттигна уллохула тІехволуш мел верг цигахь соцура.
Выбор основного перевода