Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаулна Дауд гоьмукъца пенах дІатоха дагадеара. Амма Дауд шена тІекхоьссина болу гоьмукъ гича, каде дІаиккхира, ткъа гоьмукъ пенах чубахара. Дауд цу буьйсанна Шаулах ведда кІелхьарвелира. ТІаккха Шаула Даудан цІа шен тІемалой бахийтира, цунна кІело а йина, иза садаржале вейта. Даудан зудчо Михулас цуьнга элира: «Ахьа хьайн са тахана кІелхьара ца даккхахь, кхана хьо вуьйр ву». Даудана гуш дара, Шаул ша вен араваьлла хилар. Цу хенахь Дауд Зип олучу яьссачу арахь йолчу Хьорша цІе йолчу меттехь вара. Нагахь санна хьо вен дагахь хьуна цхьаъ дуьхьалвалахь, сан олахочун са хьан Везачу Делан дахаран шедан юккъехь дІадихкина хир ду, ткъа хьан мостагІийн са Цо, ширдолагца кхоьссича санна, дІакхуссур ду.
Выбор основного перевода