Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд Далла Іибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогІу Іаьркхихо волу шен доттагІа Хьушай. Цунна тІера бедарш этІийна яра, коьрта тІе тесна чан а яра. Дауда цуьнга элира: «Хьо соьца вагІахь, суна хьо новкъахир ву. Амма хьо Ярушалайме юхаверзахь, хьоьга Ахьи-Тупала царна беш болу хьехам бохалур бу. Абушаламе ала: „Паччахь, со – хьан лай ву. Хьалха со хьан ден лай вара, ткъа хІинца чул тІаьхьа хьан лай хир ву“.
Выбор основного перевода