Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигара Іахур-тогІи чухула Дибарна тІе а дахана, къилбаседехьа а дирзина, Галгал-гІалина тІе доьдура доза. Хинан къилбехьара агІор йолчу Адуммим-Іинна дуьхьал лаьтташ яра и гІала. КхидІа, Іейн-Шемешан хиш тІе дІа а дахана, Іейн-РегІалахь чекхдолуш дара иза. Юха, ХІинам-тогІина дуьхьал болчу ломан когашка чу а дуссий, репахойн тогІи чухула къилбаседехьа а доьдий, Явсай-гІалин къилбехьарчу агІор ХІинам-тогІи чу дуссура иза, цигара дІа Іейн-РегІал цІе йолчу хьостана тІе доьдура. Цул тІаьхьа динан да волчу ЦІадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву! Маьрша гІала юхаверза. Хьан кІант АхьимаІац а, Абу-ЯтІарин кІант ЯхІунатан а шуьца ву. ЦІадукъин кІант АхьимаІац а, Абу-ЯтІарин кІант ЯхІунатан а цигахь хир ву. Хьайна хезнарг дахьаш уьш со волчу бахкийта».
Выбор основного перевода