Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іамасаига а дІаала: „Хьо сан гергара вуй те? Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса хьо, дерриг а эскарна тІехь хьаькам а вина, сайна улло, Йоабан метта, гуттаренна а дІа ца хІоттавахь!“» Йоаба Іамасаига элира: «Хьо могуш вуй те, сан ваша?» Йоаба аьтту куьйгаца Іамасаан маж схьалецира, цунна оба яккха дагахь. Іамасаа тидам ца бира Йоабан вукху куьйгахь доллучу туьран. Йоаба, Іамасаан гайх тур чекх а даьккхина, цуьнан чоко лаьтта арахийцира. Йоаба цунна кхин куьг тІе ца даьхьира, хІунда аьлча Іамасаъ велла Іуьллуш вара. Цул тІаьхьа Йоаб а, цуьнан ваша Абушай а Бихрин кІантана ШебаІана юха а тІаьхьавелира. Йоабан цхьана бІаьхочо, Іамасаан докъа тІе а хІоьттина, элира: «Йоабана тешаме а, Даудана тІаьхьахІоьттина а мел верг хІинца Йоабана тІаьхьахІотта веза!» Ткъа Іамасаан дакъа некъа юккъехь цІийлахь Іуьллуш дара. ТІаккха бІаьхочо, тІех мел волу стаг а, цу докъан уллохь соьцуш шена гича, Іамасаъ некъа тІера аренга дІа а такхийна, цунна тІе цхьа бедар тесира. Кхин а Дауд-паччахьо элира: «Хьуна дагадогІу-кх, Царуятан кІанта Йоаба хІун дира суна? Цо Исраилан халкъан эскаран ши хьаькам вийра. Уьш бара Неран кІант Абунар, ИтІаран кІант Іамасаъ. Маьршачу хенахь, тІамехь Іанош санна, цІий Іанийра Йоаба церан. Цу шиннан цІийх дуьзира цо шен гІодаюкъара доьхкий, шен когара мачашший. Дакъа схьа а эцна, ІасахІал Байтлахам-гІалахь шен ден коша чохь дІавоьллира цара. Йоаб шеца болчаьрца буьйса дІаяллалц новкъахь вара. Сахуьллучу хенахь уьш Хьевроне кхечира. Юшайн хилира кІентий: дуьххьарлерниг Элиаб, шолгІаниг Абинадаб, кхозлагІниг ШимІа, Церан йижарий бара: Царуят, АбигІал. Царуятан кхо кІант хилира: Абушай, Йоаб, ІасахІал. АбигІала вира кІант Іамасаъ. Іамасаан да вара исмаьІалхо волу ИтІар.
Выбор основного перевода