Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Ерихонан паччахьо ялхой бахийтира Рахьабе ала: «Хьо йолчу баьхкина нах схьало. Уьш берриге а вайн махках дерг талла баьхкина бу». Амма зудчо ши исраилхо къайлаваьккхинера. Цо элира: «Со йолчу веана ши стаг вара, амма суна ца хаьара и шиъ мичара ву. Сарахь гІалин ков дІакъовлале, и шиъ дІавахара. Уьш стенга бахана, суна ца хаьа. Сихха тІаьхьагІахь, шу тІаьхьакхиа а мега царна». Михулас иза корах аравалийтира. Дауд ведда кІелхьарвелира. Дауд вуьжучу метта Михулас цІу виллира, цуьнан гІовлангахь газанан цІока а йиллина, тІехула бедарш ехкира. Шаула Дауд схьалаца нах бахийтича, Михулас Дауд цомгуш ву элира. Амма Шаула уьш юхабахийтира, иза муха ву хьажа. Цо цаьрга элира: «Шен меттаца иза со волчу схьавалаве соьга вейта». И нах Дауд дІалаца чубаьхкича, царна гира меттахь Іуьллуш волу цІу а, гІовлангахь йиллина йолу газанан цІока а. Шаула Михулига хаьттира: «Со хІунда левина ахьа? Сан мостагІа, дІа а хецна, вадийтина-кх ахьа». Михулас Шауле элира: «Цо соьга, ша дІа ца вахийтахь, со юьйр ю элира».
Выбор основного перевода