Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьо хаьттира: «Мичахь ву иза?» Цубас паччахьна жоп делира: «Ладебарахь, Іамиалан кІант волчу Макиран цІа чохь ву». Цхьа хан яьлча, Іамминхойн паччахь велира. Цуьнан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Хьануни. Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кІантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан. Даудан ялхой Іамминхойн махка бахара. Йоаб Іамминхойн Рабба-гІалина дуьхьал тІом беш вара. Цуьнан паччахьан гІап схьаяьккхира цо. Дауд, массо а эскархо схьа а гулвина, Рабба-гІала вахара, цо тІамца иза схьа а яьккхира. ГалІадхо волу Барзалай РогІлаймара схьавеанера, паччахьца Йордан-хил дехьа а ваьлла, иза цигара новкъа ваккхархьама. Барзалай чІогІа къена вара. Цуьнан дезткъа шо хан яра. Дауд Махьанаймехь волчу хенахь цо массо а хІума латтадора цунна, ша вехаш стаг хиларе терра. Ткъа галІадхо волчу Барзалайн кІентех къинхетам бе, уьш хьайна тІе а озош, айхьа дола дечарна юкъа а бохуьйтуш. Цара дика гІо дира суна, хьан веших Абушаламах со кІелхьарволучу хенахь.
Выбор основного перевода