Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом – синтем а, сашорте а хир ю абаденналц. Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тІе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а. Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гІуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кІеззиг долчу ахчанах. ХІинца аса хьуна кхин а доккха гІуллакх тІедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. Нагахь санна цхьаммо дина долу гІуллакхаш, цІеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгІат хир ду. Цундела хІара массо а баланаш дІакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тІедогІур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву. Везачу Эло Шегахь болу къинхетам бойла цунах вайна тІедогІур долчу оцу дийнахь. Эпас-гІалахь цо суна мел дина долу дика гІуллакхаш хьуна-м къаьсттина дика хаьа. Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгІуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан а сийлалла схьадар. Тхуна лаьара, шух хІораммо иштта шайн тІедирзина хилар шаьш чекхдовллалц гойтийла, шун сатийсамаш кхочушхилийтархьама. Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тІевогІуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгІат луш хиларх а. Декъалвина ву зенашна садеттарг, хІунда аьлча иза зийначул тІаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло. ТІаккха, коьрта Іу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна. Сан хьоме бераш! Цхьаммо а нийсачу новкъа тІера шу дІа ма дохийла! Делан лаамехь лелаш верг – Делан лаамехь ву, Дала леррина Къобалвинарг а Делан лаамехь ма-хиллара. Дала леррина къобалвинчу Іийсан лено, Якъубан вашас, ЯхІуда Дала тІекхайкхинчу а, Да волчу Далла безачу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас ларбечу а нахе: Шаьш лан дезар долчу цхьана а хІуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТІаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дІадовллалц тешаш хилалаш, тІаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода