Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хІара бераш. Кхаьргахь дІахьойла сан а, сан дайн ИбрахІиман а, Исхьакхан а цІераш. Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь». Везачу Эло массо а бохамах ларвийр ву хьо, хьан са лардийр ду Везачу Эло. Хьарам лаамна кІел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара. ХІунда аьлча массо а хІума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин! И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин. Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гІалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кІелхьарваьккхира со.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода