Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цІа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цІе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цІа чохь дуккха а адам гулделлера доІанаш дан. Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дІавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тІемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гІуллакх дан ваийтина ма вара. Шуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тІедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.) Маршалла ду шуьга хьомечу лоьрера Лакера а, Демера а.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода