Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Дауда кхин а элира: «Лоьмах а, ченах а со кІелхьарваьккхина волчу Везачу Эло со оцу пІелаштамхочун куьйга кІелара а воккхур ву». ТІаккха Шаула Дауде элира: «Вало, гІо цига. Веза Эла хьоьца хуьлийла». Лоьман бага вахарх кІелхьарваккхахьа со, акхачу бугІанан маІех ларвехьа со. Ахь суна жоп ма делла! ТІаккха Даниала паччахье элира: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Сан Дала Шен малик даийтина. Цу малико лоьмийн батош дІакъевлина. Со Далла хьалха цІена волу дела, лоьмаша цхьа а тайпана зен-зулам ца дина суна. Ткъа хьуна хьалха а, паччахь, аса цхьа а тайпана зулам ца дина». Паччахьна иза чІогІа хазахийтира. Ор чуьра Даниал хьалаваккхийтира цо. Даниална тІехь цхьа а тайпана хилла чов яцара, иза шен Делах тешаш хилла дела. Паччахьо омра дира, Даниал бехке вина болу и нах а, церан бераш а, церан зударий а, схьа а балабай, ор чу кхийса аьлла. Орана буха а кхачале, лоьмашна карабахара уьш. ТІаккха цара, даьІахкаш а кегъеш, хІаллакбира уьш. Цул тІаьхьа Дари-Ваша-паччахьо дуьнен чохь дехаш долчу массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахе яздира: «Шу маьрша дехийла! Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьІІехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду. Стигалахь а, лаьтта тІехь а тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойту, паргІат а воккху, кІелхьара а воккху Цо. Лоьмийн ницкъах Даниал ПаргІатваьккхинарг а Иза ву». Цул тІаьхьа Дари-Вашас паччахьалла динчу заманчохь а, парсихойн Къуреша паччахьалла динчу хенахь а, аьтто а хуьлуш, дика вехира Даниал. Шаьш дІалаьцначул тІаьхьа, хІун эр ду техьа оха бохуш, гІайгІане а ма хила, хІунда аьлча шуна дІаделлалур ду, хІун ала деза. Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Іийса а къобалво, ПахІал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» – аьлла. Дала леррина Къобалвинчунна со тІаьхьахІоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цІенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дІахиънера. Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гІуллакх дан со билгалваьккхина Цо. Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кІелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таІзар а деш, латто а,
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода