Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КІант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?» Хаалахь, тІаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю. Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтІахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш. Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хІума бІаьрга дан ца дезаш хир бу уьш. Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кІоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах. Дин лелорехь тІехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дІатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь. Къайлаха нехан хІусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КІеда дог долу зударий кІелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий. Динах лаьцна хьехамаш даим Іамо гІерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга. Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Іийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода