Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Тимофею
1 2 3 4
Параллельные места
Цо шен накъостех шиъ, Тимапи а, Арсати а, Македоне вахийтира, ткъа ша Асиахь сецира. Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тІеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гІалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а. [25] Дала леррина къобалвинчу Іийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тІехь шу чІагІдан. БІешерашкахь дуьйна дІакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогІуш бу и хаза кхаъ. [26] И бакъдерг хІинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дІакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Іийсах уьш тешийтархьама. [27] Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Іийсагахула! Амин.
2. Тимофею
1 2 3 4
Выбор основного перевода