Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кІорга хи а, Іаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тІехула лелаш дара. Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хІаваъ хуьлийла». Иштта хилла дІахІоьттира: Дала дуькъачу хІавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хІаваана тІехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш. Цу дуькъачу хІаваах Дала «стигал» элира. Суьйре а хилира, Іуьйре а тІееара. ДІаделира шолгІа де а. ТІаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира. ХІордашна тІехь дуьне ДІахІоттийнарг а, хишна тІехь иза ЧІагІдинарг а Веза Эла ву. Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара, Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода