Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тІеверзо гІерташ хиларх? Говзачу гІишлоярхочо санна, аса бух боьттира, Дала сайна деллачу похІме хьаьжжина. Ткъа кхечо цу бух тІехь гІишло йо. Амма хІорра а ша и гІишло муха еш ю хьажа веза. И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара. Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода