Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
«Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю. Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац». Амма хаалаш, нагахь санна хІусамдена къу маца вогІур ву хууш хиллехь, цо шен цІа чохь къола дойтур дацара. Шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву». Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цІеххьана вогІу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тІекхочур ду Везачу Элан де. «ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац. Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тІекхача. Шаьш тІеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогІур ву Со.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода