Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
ТІаккха, хІун ала вай? Къинош а летош Іей те вай, Делера долу доккха дика кхин а алсамдалийтархьама? Иза иштта хилахь, массо а хІуманна тІехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гІуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тІехь кхиамаш а бохур бу аша. Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чІагІдина хуьлийла, массо а хІума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу. Цхьаъ бен воцучу а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вай кІелхьардохучу а Далла сий а, паччахьалла а, ницкъ а, олалла а хуьлийла, азалера дуьйна а, хІинца а, абаденналц а. Амин.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода