Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгІна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду. «Хьажал! Ас керла стигал а, керла латта а ду кхуллуш, ткъа хьалхалернаш дага а догІур дац, даг тІехь а хир дац. Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Іеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цІушна Іамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а, къола дечарах а, сутарачарах а, бехна лелачарах а, мотт беттачарах а, хьарамлончех а волу цхьа а Делан Олалле ца кхочу. Керла стигал а, керла латта а гира суна, хІунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хІинца дІадаьллера. ХІорд а кхин бацара. Цхьа а боьха хІума а, иштта сийсаза долу гІуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гІалина. Іахарехь долчу дахаран тептар тІехь цІераш язйина берш бен, цхьа а гІур вац цу чу.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода