Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Царна жоп а луш, Іийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, Амма шу сема хилалаш, хІунда аьлча шу дІа а лоьцур ду, гуламан цІеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хІиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама. Варелаш, сема хилалаш, хІунда аьлча и хан тІе маца кхочу ца хаьа шуна. Цундела ша когаш тІе ондда дІахІоьттина ву моьттуш верг охьавожарх ларвала веза. Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хІинцца дІакъаьсташ берш дегІана там лохучу а, телхина долчу а хІуманашка марзбо цара. Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гІуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дІа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода