Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Луьра таІзар дина суна Везачу Эло, амма Іожалле Цо со дІа ца кховдийна. Делан Йозанаша ма-бохху: «Хьо бахьана долуш, хІора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду. Тхо дайа кечдина долу уьстагІий санна хета царна». Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Іан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хІиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш. Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама. Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кІелхьардехира тхо, Цо кІелхьардохур а ду. ХІинца чул тІаьхьа а Цо кІелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо. Іийсан валар гуттара а тхешан догІмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догІмашкахула гучудаккхархьама. ХІунда аьлча дийна долуш Іийсан дуьхьа хІора денна а Іожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догІмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама.
Выбор основного перевода