Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
qac Гqac*Іадвахна воду со Хьан весетийн новкъахула, Ахьа сан даг чу сов кхетам биллина дела. ТІаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХІордан хьал хьан карадогІур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тІе доьрзур ду. Амма и стаг со волчу кхачале, суьйранна, суна тІе Везачу Элан куьг хІоьттира. Іуьйранна, и стаг со волчу схьакхачале, Цо сан бага дІайиллира. Иштта, сан бага дІайиллича, со вистхила йиш йолуш хилира. Шух бехк баккхархьама ца боху аса иза. Аса хьалха а аьллера, шуьца цхьаьна даллал а, дехаш хиллал а шу тхан дегнаш чохь ду.
Выбор основного перевода