Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цхьаболчу наха, шайн долахь хІумма а доццушехь а, шаьш хьоладай ду моттуьйту, ткъа вукхара шайгахь къоьлла ю моттуьйту, дуккха а хьал шайгахь делахь а. Шен КІант ца кхоош, вайн дуьхьа баланаш хьега Иза ДІавеллачо, шеко яц, Шен КІантаца цхьаьна кхин а дисина дерг а вайна совгІатна лург хиларх! Цундела цхьаммо а ша цхьана адаман долахь хиларх дозалла дан ца деза, хІунда аьлча массо а хІума шун долахь ду, Сан шуьца майра дийца йиш ю. Мел дозалла до аса шух. Тхаьш оццул баланехь доллушехь, аша динчу иракарахІитторах вуьзна а ву со, сан хазахетар тІех а даьлла. Со вен там бу. Ткъа сан валар чагІаран сагІанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гІуллакхдаран сагІина тІе Іанахь а, со воккхавеш ву – шуьца массаьрца а воккхавийр ву со. Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна – со вуьзна я меца велахь а, со шортта хІума долуш я хІума оьшуш велахь а. Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хІума лан хаьа. Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хІинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегІа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьахІиттинчара Цуьнан дегІан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегІ – Іийсах тешачу массеран а тоба ю. Делан дош тІе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дІахІитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна.
Выбор основного перевода