Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Іожаллин кхерамехь хуьлура со. ЯхІудхоша пхоьазза шед йиттина суна, хІоразза а ткъе ткъайоьсназза а тухуш. Кхузза гІожмаш йиттина суна. Цкъа тІе тІулгаш кхиссина суна. Со тІехь а волуш, хІордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хІорда чохь а даьккхира. Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТІедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГІалахь а, яьссачу аренгахь а, хІорда тІехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса. Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тІеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса.
Выбор основного перевода